Apple
Apple ([ˈæp(ə)l] кириллицехь: эпл; нохчийн маттахь «Ӏаж» маьӀна ду цуьнан)- америкин корпораци ю, персональни а, планшетан а компьютерш а, аудиоплеерш а, смартфонш а, программан латторан а арахоьцург ю. Персональни компьютерш а, кхузаманан дукха хьесапийн операцийн система яран декъехь а пионерах цхьаъ ю. Калифорни штатехь Купертино шахьрехь ю Apple-ан штаб-петар.
Компанин аппаратан сурсатийн кехатехь ю iPhone смартфон а, планшетан компьютер iPad а, персональни компьютер Mac а, портативан медиаплеер iPod а, хьекъалдолу сахьташ Apple Watch а, терахьийн медиаплеер Apple TV а, сарабоцу ладугӀургаш AirPods а, интеллектан динамик HomePod а.
Apple-ан программа латторан юкъайогӀуш ю macOS а, iOS а, iPadOS а, watchOS а, tvOS а операцин кепаш (системаш) а, iTunes медиаплеер а, Safari веб-браузер а, музыкин билгалйоккхург Shazam а, кхоллараллан а эвсараллан йина а iLife а, iWork гуламаш а, иштта корматаллин программаш Final Cut Pro а, Logic Pro а, Xcode а.
Цуьнан онлайн-сервисан чуйогӀуш ю iTunes Store а, iOS App Store а, Mac App Store а, Apple Arcade а, Apple Music а, Apple TV+ а, iMessage а, iCloud а. Кхечу гӀуллакхан юкъайогӀуш ю Apple Store а, Genius Bar а, AppleCare а, Apple Pay а, Apple Pay Cash а, Apple Card а.
Apple кхоьллина Стив Джобсас а, Стив Вознякс а, Уэйно Рональдас а 1976-чу шеран оханан (апрель) баттахь Wozniak’s Apple I цӀе йолу персональни компьютер кхолла а, йохка а. Шийтта де даллалц Уэйно шен дакъа доьхкира. 1977-чу шарахь кхолламан (январь) баттахь Apple Computer, Inc. цӀарца компанис регистраци йира. Цу хенахь дуьйна компанин компьютерш йохкар (масала Apple II) а, кхиаран боларш а лакхадуьйлуш дара.
Масийтта шарахь Джобсо а Возняко а интерфейсийн дизайнерш балх ийцира. Иштта арахецаран (производствон) могӀа кхоьллира.
1980-чу шарахь Apple-x йукъара компани (инг. public company) йира. И бахьан долуш Apple-ан боккха финансийн аьтто белара.
ТӀаьхьайогӀучу хенахь Apple-ас графикин интерфейс йолу компьютерш латтайора, масала 1984-чу шарахь араяьлла ша-тайпанара (оригинал йолу) Macintosh. Критикаш лакхара мах хадийра Apple-ас шен сурсатан йина маркетинган рекламан. Амма лаккхара мехаш а, жима программин библиотека а, куьйгалхоша Ӏедал къийсар а компанин проблема яра.
1985-чу шарахь Вознякан доттагӀаллица Apple-р аравалар нисделира. Компанин сийлахь белхало даржехь висира иза[1]. Цу хенахь Джобс а, кхинберш а NeXT кхолла гӀуллакхера мукъа бевлира. 1990-чу шерашкахь персональни компьютерийн рынок кхуьуш а, шор луш а яра, Intel PC-ан клонаш тӀехь Microsoft Windows йораха дуополи хиларна рынкан дакъа дойуш лаьттара Apple-ас.
Директорийн кхеташоно «инарла директор» даржехь Джил Амелио (инг. Gil Amelio) балха дӀаэца сацам бира. Пхи бӀе дийнахь финансийн хало йолу компанин юхаметтахӀоттор яра цуьнан белхан Ӏалашо- белхалой гӀуллакхера дӀабохуш юхадӀахӀоттор а, куьйгалхойн дӀахӀоттаман хийцар а, компанин некъ (ориентаци) сурсатийн тӀе берзабар а.
1997-чу шарахь Амелиос тоьшаллаш далорца Apple-ас NeXT ийцира. Иштта юхавалийра Джобс а.
Стиван шен лидеран хьал (статус) меттахӀотто аьтто белира. 2000-чу шарахь иза инарла директор хоьттира.
Хьосташ
- ↑ "I Never Left Apple". Officially Woz(ингалс.). January 3, 2018. ТӀекхачаран де: 2018 ш. 02 октябрехь.
Content Disclaimer
Informasi ini disarikan dari Wikipedia dan disajikan kembali untuk tujuan edukasi. Konten tersedia di bawah lisensi CC BY-SA 3.0. Kami tidak bertanggung jawab atas ketidakakuratan data yang bersumber dari kontribusi publik tersebut.
- The information displayed on this website is sourced in part or in whole from Wikipedia and has been adapted for the purpose of restating it. We strive to provide accurate and relevant information, however:
- There is no guarantee of absolute accuracy. Wikipedia is an open, collaborative project that can be edited by anyone, so information is subject to change.
- It is not intended to constitute professional advice. The content displayed is for informational and educational purposes only. For important decisions (e.g., medical, legal, or financial), please consult a professional.
- Content copyright. Wikipedia is licensed under the Creative Commons Attribution-ShareAlike License (CC BY-SA). This means that content may be reused with appropriate attribution and shared under a similar license.
- Responsible use. Any risk arising from the use of information from this website is entirely the responsibility of the user.